Котаман к1орниш

Аза Атагинская
К1а-а-к1а-к1а, к1а-а-к1а-к1а,
К1орниш, гена ма довла!
Т1емаш  аса даржадо,
Сихха сунна т1егулло!

Варша* юккъехь цхьогал теба,
Стиглахь г1ирг1а* маса хьийза.
К1а-к1а, гена ма довла,
Царех хьовса лардалала!

Мукадахка баг1ахь,
Лазор ду цо лацахь!
Шу х1инца а кегий ду,
К1а-к1а, айса лардийр ду!

Азман Джабраилова

__________

*Варша- луьста хьун.
*Г1ирг1а- куьйра.