Жайра- жираф

Аза Атагинская
Зоопаркехь тахана
Жайра баьрга яйна,
Жима 1ийса лела
Цунах инзарваьлла.

Пхи-ялх метр лекха,
Когаш баккхий, беха.
Яккхий бергаш луьйзу,
Лаккхара охьахьоьжу.

Цхьа-ши метр ворта,
Курра ойъу корта.
Диттан г1аш цо 1уьйшу,
Сийна докъар дуу.
 
Лами т1е ца валахь
Лийчо хир ду хала.
Мохь беттарх ду эрна,
Цунна хеза халла.

Азман Джабраилова.