Зингатий

Аза Атагинская
Охьа хьаьжчи лаьттахь
Халла гуш бен доцу,
Зингат шел а йоккха
Ч1ешалг текхош  дог1у.

Зингатий ду бертахь
Шайна ижу лоьхуш.
Цхьаъ ца ларош дисахь,
Вовший орца доьху.

Буьртиг боккха хиларх
Зингаташа бертахь
Когашца схьа  лоций,
Шайн ц1а бахьа г1ерта.

Зингатийн ц1а – туьйлиг
Лаьтта бухахь дина.
Цу чохь дукха г1епаш
К1орниш кхио йина.
    
  Азман Джабраилова