Нохчийн мотт

Фариза Цалдаева
Дуьххьара дош ала суна хьа 1амийна?
Дуьххьара г1иллакх суна хьа довзийтина?
Оцу хаттаршна жоп ду сан шина дашах доьзна
Иза ду ненан мотт хиларна бахьна.

Дуьххьара байташ ас сайн маттахь язйина
Нохчочун дог кийрахь детталуш хиларна.
Ойланаш а йина ас, сайн ненан маттахь
Ненан мотт, боккъалла, сан дозалла хиларна.

И мотт вайн дайша, мел к1оргга бийцина
Тахана кегийрхоша сийсазбеш лаьтта
Ма йиш яцара вай, и бицбина лела
Къахьега дезар вай и кхио г1иртина.