Нана

Ахмадова Линда Мовсуровна
Дага дог1ий хьуна Нана
Жимчохь оха лелийнарг?
Хьом тхуна-м къинт1ера яьлла,
Дукха дезаш хьистинарг..

Нана, доьху хьоьга Нана,
Човха ехьа тахана,
Ахьа-м бехир соьга Нана,
«Соьх кхетар юкха хьо ц1а»

Нана, со хьоьх кхетта хьуна,
Жимчахь ойла ца йина,
Хийла хьа дог доха дина,
Аз ай деш хьоьг йист хилла..

Ахь соьга кхойкхуш мохь тоьхча
Ца хезаш санна 1ийна,
Дадица хьа дов а дялча,
Хьоьца со ца йилхина.

Дага дог1а суна Нана,
Ахь суна дина хьехарш,
Цу хенахь тергал ца дарна,
Дохко яьлла ю хьийзаш.

Нана, хьо къинт1ера яла,
Хьой бен юххера вац цхьа.
Дала ма йуьтийла кхана,
Хьа йовхонах яьккхина..