Сан Нихала!

Аза Атагинская
Сан Нихала! Дависа цкъа
Хьан чухчарин хица ламаз эца!
Хьан хазаллех дог 1аббалц б1аьрг тоха,
Хьан мехашна дуьхьал цкъа куьг лаца.

Сан Нихала! Дависа цкъа
К1айчу мархийн къоьжа бамба лаца.
Цунах уьйриг бина, ойланашна,
Сайн байташна исбаьхьа бой йуца.

Сан Нихала! Дависа цкъа
Шабарш дечу хьаннашка ладог1а.
Ломан басехь махехь техкаш лаьтта
Бецан тхишлахь когийн лар цкъа йита.

Сан Нихала! Дависа цкъа
Хьан шийлачу шовданан чам бовза.
Хьан б1аьвнаш чохь йаьгначу серлонга,
Б1ешерийн к1оргене сица кховда!

Азман Джабраилова
2017 шо