Ц1е

Аза Атагинская
Ц1е яьлча, зуламах ларлуш
Сихло, катуххий и йайъа...
Ткъа цхьаверг, цунах кхаъ хуьлуш,
Г1оьрту и ц1е марса яккха.

Жимма шен кийрахь яхь йолчо
Леррина деган суй ларбо.
Ца кхоош шен деган йовхо,
Кхечуьнан доьхна дог дохдо.

Азман Джабраилова