Безамах къахкар

Аза Атагинская
Д1аихна м1аьргонаш ерзалац юха.
Чекхбевлла хиламаш эшац кхин ахка.
Т1аьхь-т1аьхьа дегнаша хала ловш хилла
Цкъа мацах кховдийнчу безамах къахкар.

Ткъа хьуна-м хуур дац къайлах ц1е йохуш,
Сайн дагахь мохь бетташ, г1айг1ане юьйлуш,
Жималлин аьрхалло 1ийжаме 1уьйду,
Къастаран къаьхьа кад д1овш санна муьйлу.

Дуьне а 1абадеш кхеттачу малхо
Дакъор ду сан б1аьрхиш, дойъуш хьан 1индаг1.
!емар ю хьо вицван, хьан сибат къахко.
Мацца а дицлур ду хьан вела къажар.

Эшнера хьо суна сайн деган г1алахь
Хьо воцуш шелъелла син-х1усам йохъян.
Ястанза йиси- кха сан деган къайле,
Ца техка зезагаш сан ирсан бешахь.

Хуьйцур яц б1ешерех
хьо везна м1аьрго.
Г1елделла са ду сан
Безамна къера......

Азман Джабраилова