Къона дог

Аза Атагинская
Къона дог безамо ц1е тесна дагош,
Йо1 ца гуш де даккха хиларна хала,
Хин коьртехь езна йо1 геннара ларъеш,
Лаьтта к1ант, сатийссам 1аьршашка хецна.

Милла а резавалл г1иллакх ду хаза,
Муьлхха к1ант 1ехавалл куц-кеп ду тайна.
Х1оранга олу дош ду довха, мерза,
Оьзда ю. Яхь йолуш бу, - олу дай а.

Ма бехк бац, жима к1ант, хьо 1ехавелча,
Цу 1оь1ан тутмакх а хилла дог дисча,
Цуьнца хьуо ирсе вар Деле ахь дехча,
Хьайн кхерч а, доьзал а цуьнца ган лиъча.

Азман Джабраилова
1998г