Гуьйренан суьйре

Аза Атагинская
Суьйре... Махо шакарш лоькху,
Мархаш идош, хьоьгу къа.
Буьйса седа боцуш йог1у.
Ма яхъелла йочана.

Рег1ан басе дохк доьссина.
Когех хьерча т1еда г1аш.
Мокха денош... Х1аваъ т1уьна...
Гуьйренан ю башхаллаш...

Азман Джабраилова
1992г