Деле доьху...

Аза Атагинская
Йа Рабби, геч дехьа,
Доггах доьху хьоьга.
Валар дицдеш, хийла
Дуьне лоьхуш лелла.

Йа Рабби, ларйехьа
Хьарам рицкъах кхетарх.
Хьаналдинчух айхьа
Д1а ма къастайехьа.

Хийла хир ду эгна
Дагахь доцу къинош.
Дуьне т1ех а дезна,
Дуьсург хилар дицдеш.

Йа Рабби, хьо цхьаъ бен
Дехнарг дала вац-кха.
Сан Ийман ч1аг1дехьа,
Тоба къобал дехьа!

Азман Джабраилова
1998г