Ойланаш...

Аза Атагинская
Ойланаш... Т1ам сиха ойланаш,
Де-буьйса дац-кха шу йоцуш цкъа,
Олхазарш санна, сан масаниш,
Юьгу со некъ боцчу пана аш.

Ойланаш...шайн лаам толабой,
Эшаме хьал даге кхийдадеш,
Са т1ома дала ца дуьту аш,
Ког шаршахь, 1инчу со тотту аш.

Цкъа лоций, т1ам кхарстош, лекхалле
Юьгий со, самукъа доккху аш.
Тешаеш безаман аьхналлех,
Х1ара дуьне сайн ду моттуьйту аш.

Ма йийла стигала, я лаьтта
Сих эзар дакъа деш, ма эга,
Йитийша сапарг1ат яха а,
Сайн лаъмехь йожа а, г1атта а.

Ойланаш, сан дог аш шелдина,
Хеназа къаналле йожийна.
Сатесча, шайн духар хийцина,
Сан деган не1саг1ехь шу лаьтта.

Азман Джабраилова

-----------

Музыка - заслуж. арт РФ Марьям Ташаева
Исполнила Марьям Ташаева