Маржа-я1, х1ай дуьне...

Аза Атагинская
Маржа-я1, х1ай дуьне!
Ма 1еха во ахьа,
Доггах хьо дезнаверг
Ма човха во ахьа.
Хьо-м деза кхоьллина
Вайн Сийлахь Воккхачо,
Хьо диса кхоьллина
Вайн Сийлахь Везчо.

Маржа я1, 1ожалла,
Хьо генахь хеттаверг,
Дахаран чам кхетта,
Ша сийлахь хеттаверг,
Хьайх кхерар, ца кхерар-
Ца лоруш башха
Цхьатерра ка тухий
Вуьгу буй бесса...

Дала шен оьг1азло
Ярах вай кхерахь,
Куралле дог-ойла
Кховдарах ларлахь,
Уьйр-марзо херйаларх
Кхоьруш вай дахахь,
Къинхетам бийр бац-те
Эхартахь Дала.

Азман Джабраилова