1аламан хиламо
Шен бакъо кхийдош,
Шелонах йисна хьу
Хаало чехош.
Сахиллалц бер санна
Аьрзнашца, г1ийла,
Кор декош ладаршца
1а доьлхуш леткъа.
Б1аьсте ю лар эцна
1а эккхо йог1уш.
Юкъ-юкъахь го латта,
Луо шаткъа дийлла.
Азман Джабраилова
1998г