Лайн чимаш

Аза Атагинская
Лайн чимаш, х1аваэхь  хьийзаш
Жовх1арш  санна лепа.
1аьно царех  ло а дина
Аренашка тесна.

Кераюкъе  гулдан   воьлча
Лайн чимаша х1илла  ди
Куьгийн йовхо хааелча,
Царех хили сихха хи.

Сакъералуш  доттаг1ашца
Лайн мижаргех ловзу.
Гу т1ера чу салазашца
Хьалхавалар  къовсу.

Бен ца хета беснеш, мара
Шелоно къийзорах.
Кхана оха ло гулдина
Х1оттор ю лайн баба.

         Азман Джабраилова