Духхьарлера безам

Аза Атагинская
Эсала, мела мох б1аьстено хьаькхира.
Со йовзар хьайна кхаъ хилла– ахь элира,
Б1аьргашца  со хьоьстуш, ойланаш карчийра.
Безамо ягайой суна-м ца хиънера…

Ахь эли– езарца хаьржи со хьайн даго.
Оьздачу амалца сан дагчу кхийда хьо.
Деган не1 яьстина хьан хазчу г1иллакхо,
Синтемах яьккхи со хьан дешнийн аьхналло.

Хьо гича синк1оргехь хазхетар айъало.
Безам ца бевзина дог аьрха деттало.
Алахьа, х1унда хьо ца хета хийра,
Х1унда хьан ц1арах сан ойланаш хьерча?

Дуьххьарчу безамо дог хьостуш хиллера.
Хьох 1ехаделла дог дара хьан сих хаьгна.
Шовданан шабаршца деган аз д1аийна,
Хьан ц1арах аз декош сан даго йиш лекхна.
 
Безамо ягайой суна-м ца хиънера,
Дуьххьарчу безамо дог хьостуш хиллера.

Азман Джабраилова

***

Музыка Хусейна Расаева
Исп. Амина Яхъяева