Нанна Индирина лерина

Фариза Цалдаева
Дахар, х1ун ду те х1орранна а дахар?
Цхьаволчунна ду и дуьненан бахам
Ткъа хьуна-м и дахар, хьан доьзал бу
Церан дуьхьа, кху лаьтта т1ехь, хьо ехаш ю.

Ма г1айг1анаш, баланаш дукха гина хьуна
Дех-ненах, вешех хьо дахаро къастина
Пхеа бераца жималлехь, хьо цхьалха йисина
Х1етте а собарах, стогаллах ца йоьхна.

Хьо доккха дозалла ду к1енташна: Зелимханна,
Хьамидна, иштта а Халидна
Совг1ат ду йо1аршна Алетна, Иманна,
Хьан хьоме йо1 хиллачу, несана-Хедина.

Индира, хьун хаалахь, хьо езаш юйла
Пхи бер, хьан дуьхьа са дала, кийча дуйла
Кху доккхачу дуьненна т1ехь, хьоьл деза,
Хьоьл хьоме, царна х1умма а доцийла!
(написано по просьбе)