Кийра богуш хилча

Арзу Банжаев
Сан дагчуьра ц1е йовш яц цкъа а...
Кийра богуш бу даима а!
Кхидерг - м х1унда дийцара дийца а,
Ойла ю Арктика кхехко, лан а!

Кийра шеллуш ца хилча цкъа а,
Цуо воттуш хилча даима а,
Буйннал ду бохуш долу и дан а,
Суна йохъян хьан дог х1ун ю ян а?!