Плагиат Байташ, стихаш, стих

Арзу Банжаев
К1ез-к1еззиг схьаэцна цхьаццаннан дешнаш,
Ахь дийра “ йозанехь ” поэзин х1у.
Цхьа рицкъа хилира. - Хилира аьшпаш.
Хьайн дагчохь цахиллирг даьхьира чу...

И хууш болчара вийр ву хьо аьшнаш.
Дависа велара хьуна цхьа 1у!
Ахь х1унда даьхьи д1а хьайн доцу дешнаш?!
Йог1ура хьуна ц1е “ Хьакъволу Къу ”!
    
19:09. 17.03.2019 шо.Илсхан-Юрт