посвящение Матери- друг души моей..

Марти Тамия
Х1ай доттаг1а сан синан са
Ма г1олахь со воцуш хьо д1а
Х1ай стигал со воцуш ма хьийза
Х1ай беттаса со воцуш хьо лаьтте ма хьежа
Х1ай латта со воцуш ма диса
Со воцуш зама хьо д1а а ма ида
Соьца йисахьа

Муьлхха а дуьне тайна ду хьоьца
Хьо бут, ткъа со кхоьлина буьйса
Вайшиь ана стигалан йаьккхина
Ма йиса со воцуш хьо лаьттахь
Со воцуш ма г1олахь шийлачу эхарта
Йоцуш хьо дахар хилча сел деса
Соьца йисахьа..

Х1ай дуьрста со воцуш ма бог1алахь дин
Со воцуш х1ай аз ма алахьа илли
Шу а со воцуш б1аьргаш ма хьежа
Со воцуш бешахь хьоза ма дека
Хьан серлоно стиглахь къагийна
Кхетта буьйсанан беттаса
Соьца йисахьа..

1ожалла хьоьжу б1арг т1ера ца боккхуш
Сан дахаран овгал шен 1асаца ловзош
Ма сихде говрана болар со воцуш
Дуьненан оьмар хоьтуьйтуш йоца
Хьайн б1аьрсих со ахьа хера ма ваккха
Д1а ма г1олахь со воцуш хьо цкъа а
Соьца йисахьа..

Джалаладдин РУМИ