44. Б1аьсте йог1у

Аза Атагинская
Серло, йовхо лаьтте кхийдош,
1алам хаздан басарш лоьхуш,
1аьнах йисна шело чехош,
Цхьа исбаьхьа мур бу бог1уш.

Шеран заманаш, раг1 лоьруш,
Шеран гуонехь ю хийцалуш.
Вовшашца миноташ йоькъуш,
Де дахло, ткъа буьйса яцлуш.

Малхо хьосту ирзуш, хьаннаш.
Сенлуш лаьтта лаьмнийн раьг1наш.
Екхаелла адмийн яххьаш,
Болх болор бу, латта дендеш.

1аламца къамеле дуьйлуш,
Самадевлла ломахь 1аьмнаш.
Шовда  уьду тулг1е керчош.
Б1аьсте йог1у, дегнаш хьоьстуш.

Азман Джабраилова