Яцахь яхь...

Арзу Банжаев
Калош хиларх хьуна т1ехь,
И дац хьуна м1арал эхь.
Йоцуш елахь хьоьгахь яхь,
И ду хьуна эрча эхь.
Тилларх стага холхаз куй,
Яцахь яхь и къонах вуй?!
Ницкъ болуш и хаарх вуй,
Ткъа яхь яцахь туху туй.
Цу яхь йоцчуьн куц-кеп, ницкъ,
Ду и эрна диъна ницкъ.