Кхоллараллера цхьацца меттигаш!

Арзу Банжаев
Соьл доккха х1ун ду?! Со ву жюри!
Х1ун башхалла ю чаьмзий, дуьрий?!
Толон везаш ву сан цхьаъ,
Аш ма лиэха соьца бакъ!

Соьл доккха х1ун ду?! Со ву критик!
Ас аьллачо йоккху киртиг!
Ц1е елахь, хьо дика ву,
Яцахь хьокха тухур бу!

Соьл доккха х1ун ду?! Ву редактор!
Хьан тептар т1ехь хоьхкур ю трактор!
Керла вевзаш велахь хьо,
Г1алат доцуш хир вац хьо!

Соьл доккха х1ун ду?! Ву яздархо!
Со цхьаъ бен вац цу дашна ц1архо!
Яздеш ахь, баьккхича ког,
Сан вуон хуьлий, керча дог!