Хьо оьшуш лелаш вац заказной

Ахмадова Линда Мовсуровна
Адамийн дозалла хан-замано гойту,
Безаман ч1ог1алла халоно гуч йоккху!
Дуьненна дозалла, рицкъано гойтуш ду,
Хьай мах кху дуьненчохь ахь айхьа хадош бу!

Даимна хьан сий деш, хьо лоруш лелла ву,
Жималлехь дуьйна вай цхьана кхиъна ду,
Хьоьх тешаш, хьо езаш, сай хан д1аелла ву,
Х1усаме хьо ерзо сатуьйсуш хилла ву!

Амма вай сатийсарх, замано шениг до,
Ца моьттург хуьлийти вай г1ора эша до,
Мел тешам бу адмех ц1яххьана гойту цо,
Халча а хотта веш корта хийла хьовза бо!

Некъаца тешна бехк хилла со вуьйжича,
Хьо суна дог эца, дош ала яцара,
Уггара хьо оьшуш со лела вуьйлича,
Хьо соьца цу хенахь рицкъ оьшуш яцара!

Сан ши ког ца лелча со хьуна ца ийши,
Х1инца со та велча, суна хьо ца ийши,
Ахьа хьайха оцу хенахь чекх са ма гайти,
Дала хьо ма ярра суна ма йовзийти!

Дохко со вуьйлуриг хьуна хан яйъар ду,
Ца оьшу дешнаш хьоьга дийцар ду,
Хьо йолчу ураме т1ех дукха лестар ду,
Хьан сий деш цхьана хенахь, хьо адам хетар ду!

Хаалахь тахана хьо оьшуш лелаш вац,
Хьан доьхьа ши капек мах д1алур болуш вац!
Хьуна со вониг, я диканиг лууш вац,
Хьо суна ца йоьвза,  я цкъа-а йоьвзина яц!