Хьуьжаршкахь...

Арзу Банжаев
Элп элпах а хуттуш, дош дашах а тоьгуш,
Хийла ву Дела вовза шен ницкъаш лоьгуш.
Ма декъал хир ду-кх и вовза хьовсахь.
И ду-кх гергарло, и хьуна вовзахь.

Дац х1умма м1арал и хьоьгара хьашт волуш,
Хьо ма ву цуьнгара х1аваъ а хьашт долуш.
Х1етте цуо ахь тоххарх тухуш бац букъ,
Д1ахотта цуьнца ахь йуккъера йукъ!

Къен хир вац и цуьнца з1е хотта лууш верг.
Дог токхе, самаьрша хир ву ша иштта верг.
Цуо даг чу нур тухий, ирсе во стаг.
Ишттачуьн дуьнено ца лоцу лаг.