Ненан мотт!

Элита Гилянинская
Бека хьо нохчийн мотт,
Сан деган мерзашца.
Бека хьо, ненан мотт, сан сина пхенашца..
Хестабеш Нохчийн мохк,
Зевнечу эшаршца,
Бовзуьйтуш Вай дай мохк,
Оьздачу байташца!!!
Яхь йолчу к1антана, оьздаллийн татол.
Сий долчу йо1ана,
Г1иллакхийн кхача.
Дикачу къомана,
Тешаме г1арол.
Кхуьучу т1аьхьенан
Ирс долу кхане.
Бекалахь Нохчийн мотт,
Ца кхоош дешнаш,
Кхиалахь хьоме мотт,
Д1а эхарх хенаш!
Бахалахь Ненан мотт,
Ца кеггош геннаш!
Толалахь оьзда мотт,
Самах деш г1енаш!!!