Буьйсанна, беттасехь...

Арзу Банжаев
Беттаса горгделла цхьа башха хаза,
Сан иэсехь кхиаеш хьан ц1арах ойла!
Д1адахнарш даг чохь ду даькхина заза,
Ас цаьрна д1аелла сайн деган 1ойла!

Хьайн синтем бекъахьа ахьа а тховса,
Дог дика буьйса ю к1аргъяла т1ехьа!
Вайн дуьхьа ца лууш набарна тхьовса,
Беттаза лаьтташ ду ца долуш дехьа!

Дерриге ас лоьру баттаца доькъуш:
Х1ора а м1аьрго ша йоккху даго!
Уьттазза вийна со кху буса воькъуш,
Д1адахнарш кийча ду бер санна хьаго!

Амма, сан синтем бац т1екхочехь хилла,
Даима санна и толлуш бу ане!
Цкъамукъа ойланехь ца гайта чилла,
Синтембеш хир яц - те рог1ера кхане!

Беттаса горгделла цхьа башха хаза,
Сан иэсехь кхиаеш хьан ц1арах ойла!
Еха ю буьйсанаш цхьааллехь лаза,
Ас сайна кечйина баттаца 1ойла!