г1амарлахь жовх1ар ма леха

Марти Тамия
дог даьлча доггах дерг чим хуьлий догу
г1аьттина чан йоцург кхи диса дац
хинбоцчу чома т1е туьха ца туьйсуш
и гена даккхар бен кхин дарба дац

цхьа синан къезганиг ца деза дагна
цуо хьаьъна ойланаш уьшала ийзош
цуьнца мел доьзнарг сийна ц1е тесна
дагадар доцург кхи жам1а доцуш

гармана аренгахь ломан кур ма леха
г1амарлахь ма леха х1ордана жовх1ар
б1арлаг1а ду бахарх ц1иен деши меха
йу цуьнан г1аланаш х1илланан х1ур