Ма ала

Касуева Мата
Сан дешнаш  хьоьца к1еда
Сан б1аьргаш  хьоьца сирла
Сан ойла хьоьца еха
Хьан ойла соьца ира

Са дагех кхетар воцург
Сатуьйсу га хьа йуьхь
Хьа дагчохь ехар йоцург
Худо ас ишшта хьоьх?

Ма ала ларлуш хила
Со йог1уш хьайна гахь
Хьа бала и цахилар
Со дийна
 йа со лахь!