Доттаг1чунна

Касуева Мата
Дуьненна го баккхал
хилча бала боккха
Д1ег1анах са даллал
доьлхуш хилча дог хьа

Кхетамех ца вухуш
когаш т1е д1ахотта
Хьоьх кхеташ, ладуг1уш
хир ву со хьа доттаг1!

Хьоьх кхеташ, ладуг1уш
хьуна улле хоьттна
Хьа тешам ца боккхуш
вижжалц со цу латта!