А. С. Пушкин Зимний вечер

Марти Тамия
Дорцан бода ана лаьцна
Луо ду хьийзаш букара
Цкъа и уг1у экха санна
Берах доьлха и йуг1а
Тишчу тховт1еъ г1ар а хеза
Шабар до цуо ча кегош
Т1ьахьа висна вог1ург санна
Йуг1а лаьтта кор детташ
 
Х1ара тиша вайн лаппаг1а
Боданехь йу г1айг1ане
Тийна корехь хьо ма лаьтта
Йоккха стаг сан ойлане 
Дорцан уг1аре ладег1а
Сан доттаг1 хьо х1оьттина
Йа и хьийза урчакх ц1ийзаш
Хьо набарна тевжина

Малий вайша, сан жималла
Пекъар, соьца йекънариг
Бала балхо, малий вайша
Дог дика вайн хилариг
Тийна йиш ахь суна лакха   
Ломал дехьар хьоза санна
Тайна йиш ахь лакха суна
Хит1е йоьду Мехкур санна