Цхьа илли совг1атан

Петрбиев Халид
Дукхч хьолахь хуьла со,
Сай дечка пондарца.
Яздаза ца Iало
Цхьа илли, совгlатан.
Яздаза ца lало
Кехат тlе дешнаша,
Дукхч хьолахь хуьла уьш -
Дай-Мохкан лерина!!

Нохчочун атта дац,
Нохчалла дlакхехьа.
Ще синна томаьхь дег,
Цо щена ца лоьха,
Ще дегIан хала ду -
Бохаш и ца воьлха,
Г1АРРРЧ1 оли ойъи хьо
И дукъ цо доггаха!!

Дин санна лар до цо,
Ялсмани г1иллакх
Т1алам беш лар до цо,
Дай-мехкан ниlмат.
Къахеташ хуьла и
Дех-Ненах йишеха,
Дик накъост ву иза,
Бусулба вешана!!

Баьхк суна ма билла,
Сай мохк ас хьастарна,
Алазза ца lало,
Сай къена къомаха.
Алаза ца lало,
Цхьа илли совгlатан
Дукхч хьолахь вуьса со,
Сай дечка пондарца.

Яздаза ца lало
Кехат тlе дешнаша,
Дукхч хьолахь хуьла уьш -
Дай-Мохкан лерина!!