Делха, Дог

Петимат Давдаева
Делха, Дог, мох тохи делха,
Пархата  доккхуш х1ар са,
Белхабе  кийрара  лазам,
Дожаран дагт1ийра г1а.

Делха, Дог, делха хьо денна,
Башош х1о кийрара ша,
Мох тоьхха кхойкхуш хьай Деле,
Ницкъ балар доьхуш х1ар ла.

Делха хьо, дисарна кхоьруш,
Доцуш цкъа къурд балла хи,
Делха хьо, бала хьай буьйцуш,
Вацхьуна кхетарверг кхи.

Делха хьо собаре дуьйлуш,
Тийжарца ца беш хьайн ницкъ,
Дацхьуна Делера доцург,
Вайн карахь дац адмийн рицкъа.

14.08.22