Иллешкахь доьху вай

Петимат Давдаева
Иллешкахь доьху вай: « Ма елха,Нана»,
Хьан меха дуьнен чохь хумма дац бохуш,
Амма вай  Наношкахь лаьтта  и  бала,
Шай сих схьабойлачех бовларна кхоьруш.

1уьйренна ламаз т1ехь до1нашца боьхуш,
Аллах1е   б1аьрхишца 1алаш бар доьхуш,
Йаанза - маланза  набаро  1ехош,
Г1ан хилла шай к1енти бисарна кхоьру.

Декьала хила хьо, х1ай  Нохчи  Нана,
Цхьа  эзар бахьна ду  хьо езаш  лара,
Т1ом беъча,хьай букъ т1ехь рицкъа а лохуш,
Ца гайтар къоман  ахь мацаллийн  г1ала.

Маржа я1,х1ай сийлахь, турпала Нана,
Собаре  йуьлу хьо,ларъеш  вай  кхане,
Иллешкахь дехарх  вай,ма  елха бохуш,
Балано  ца  хоьтту, гулъелча  мархаш.

02.10.2022г.