Нохчийн маттахь байташ

Илиас Ганий
***
ТIулгаш Iуьшуш йолу батт
Йоьллуш, маттаца тухуш вотт,
Буьйцу аса нохчийн мотт,

Хьоькхуш, керчош, хьийзош гIенаш –
Сан са паргIат дайна денош! –
Буьйцу аса, бIаьрхи Iенош.

Маца хилла? Меца хилла?
Ма ца кхачийн – хиларх гIийло –
Суна безна наха – гIиллакх.

Къизал:
синойн иман Делец къийсар.
Махкахь махкана сатийсар –
Суна ду кху махках диснарг.

Босс а байна, чам а байна.
ЮгIа а хир доцуш дайна?
Хьалхе ду йа тIаьхь ду вайна?

2022 Соьлжа-ГIала, Нохчичоь

***
Со кхузахь кхалхахь,
Суна геч де, Дела.
Кху шийлачу махкахь
Со велла?!

Со ц1а ца кхачахь,
Хийрачу каша чохь тийна,
Со, дагах лазар тоьхна,
Сингаттамо вийна.

2023 Strassbourg, France

***
Суна хьо езна
Iожалла – герзна
Лечун – цIаверза
Байташна – лезнарг
Санна хьо езна

Хьуна сатесна
ДогIанна – ткъес а
Бекхамна – иэс а
Озанна – лер са
Санна сатесна

Вайшина къастар
Кошан барз хьастар
Махках а маттах а
ДIахедда кхерстар
Вайшинна къастар

2023 Chaumont, France

***
Дог лоз
ЦIие хьоз
Де-буьйс
Сатуьйс

Сан нах
Сан мах
Шуьх ваьл
Дац хьал

Бац лам
Бац там
ТIам – кIед
ТIум – тIед

Са – тийн
Мотт – дийн
ТIом бац –
Бен харц

2023 Chaumont, France

***
Суна ма хаьа шу нохчи доций,
Аш дуохарх, дозалла деш, тхан куйий коччий,

Йуьхь Iаьржа хитта деш, марзбелла бийцарх,
Тхан кIенташ гIазотехь ларабина цIийца,

Тхан мотта, тхан оьзда, тхан сийдолу мотта,
Тхо делла дIадевла, шун бисна ма мотта.

Ма мотта, тахана доьттина герзах,
Iехделла, къарделла бакъонан терза.

Маршонан кхайкхамах къаьстина эгна,
Даймахках, дайн латтах, дайн кошах хьегна

Тхан синош доIанашкахь; ткъа Делан рицкъа –
Тахана сатохар, кхана шу дицдар.

Мел дахарх суьрташ, мел дузарх киснаш,
ХIетте а шусанначарех цIе а ца йисна.

Шух кIеззиг вешаш ас яздо хIар дешнаш –
Шух дуьсур долу совнаха кешнаш.

2023 Chaumont, France

***
Щин декъе дийкъира ахь са дог
Соьх д1акъаьсташ
Цхьа дакъа – ца тешаш
Шалг1аниг – тешам байна

Массолг1ачу дакъанах дакъа ду ахь декънарг?

Тер хили хьо хьосанчарех
Тер хили со сайх юг1а а

2023 Malaga, Espana