Лаа олуш ца Хилла дайша...

Арзу Банжаев
Лаа олуш ца Хилла дайша: йаханчу хенех хьоьгуш йог1ур йу йог1у Хан! Ваха виса йаздиначунна доьг1на Хилла и Ган!...
Ойланийн х1орд хилла, дех-ненах, йиш-вешех, бевза-безачех бисина дагалецамаш кийра ца хоа болабелча, хала хилла Ваха, 1ан!

Сан хьаьвзина, букара, секха дог
Кху кийрахь далаза, жимма а са чохь мел Ду,
Йаханчу хенашца самаьрша, т1ома,
Дог дика ойланаш сан кийрахь г1оза-декьал йехар йу.

Амма, кхин цкъа а сан б1аьргаш цу хенахь санна сирла, къегина, доьлуш хир Ду аьлча, туьйранах санна, цунах со ца теша,
Йа дог токхе хир Ду аьлча а, велларг Ден лур воций хаар санна, замано сайна и хаар деллачу хаарех теша!