Дуккха а хума го дахаран новкъахь

Петимат Давдаева
Дуккха а хума го дахаран новкъахь,
Халонаш, харцонаш, сингатмаш, г1ийло,
Дахаро чехадеш, рицкъано 1ехош,
Вай маса д1ауьду, 1еманнаг лелош.

Т1ехоьтнарг луьсту  вай, дохаъ  ца духуш,
Доьналлийц сов дуьйлуш, собарца къуьйсуш,
Рицкъанаш  лоху  вай, сада1ар  доцуш,
Буьйсанна  набарха  г1айг1ано дохуш.

Дех-ненах къаьстича,тоьа вайн кхетам,
Халонга   даларха, д1акхоьху  хорам,
Амма вайн доьзалха  хьакхбелча лазам,
Кхулу х1ар дуьне,ца къаьсташ хаза 1алам.

Дуккха  а хума  го  дахаран  новкъахь,
Собаре  хиларо ца йуьту  мекхалла,
Амма  ас доьху  цу  дикачу  Деле,
Ца  кхачдар, доьзала вуо гочу кхеле.

Дагаева-Давдаева П.А.  12.05.2023г.