Хьо суна мел веза хиъча

Ахмадова Линда Мовсуровна
Хьо суна мел веза хиъча
Беттаса 1аржалур дара.
Са долу мел йолу х1ума
Мотт 1аьмма йист хуьлур яра.

Малх кхиъ т1е серла а баьлла,
Дуьненах ц1е ера яра,
Акхарой хьан бете хьежа
Хьо лоьхуш сехьа йоьвр яра!

Ч1ег1ардиг ша декаш хьан ц1е
Юх-юха йохура яра.
Зезагаш хьуна схьа даха
Шаьш бохуш доьлхура дара!

Хьо суна мел веза хиъча
Х1ар дуьне орцаха дера дара.
Хьан дог ца кхеташ сан дагех
Кхин мел верг кхетар ма вара!