Мохьаммад

Абу Исмаилов
Абу Исмаилов
Мухьаммад пайхамар (Делера салам хуьлда цунна!) хасторан дош
Бисмиллах1иррохьманиррохьим

Ас хьо муха хастор вара
Сайн декъазчу маттаца,
Хийламмо хийлаза аьлларг
Карладоккхуш ца аьлча?
Мел чIогIа ас лехарх, суна
Дешнаш каро атта дац.
Делера салам хуьлда хьуна
Делан элча Мухьаммад!


Хьан безамехь сибат а гуш,
ЛадегIначу озе хьан,
Хьан асхьабийн ирсах хьоьгуш,
ДIаихна дай-наной тхан.
Хьо вийца, хьо хасто, суна
Дешнаш каро атта дац.
Делера салам хуьлда хьуна,
Делан элча Мухьаммад!


Суьртаца гайталур боцуш,
Маттаца бийцалур боцуш,
Доза доцуш, барам  боцуш
Бу тхан хьоьга болу безам.
Хьо бакъвеш долу, хьан уммат
Дуьне ма-дду даьржаш го.
Делера салам хуьлда хьуна
Делан элча Мухьаммад!


Шайн доIица хьан цIе йохуш,
Орцане  сатуьйсуш хьан,
Эхартахь хьо гур ву, бохуш,
ДIаихна дай-наной тхан.
Ахь тхоьга кховдийна суннат
Ницкъ кхочийла кхочушдан!
Делера салам хуьлда хьуна
Делан элча Мухьаммад!


Хьан умматах тхо ду, бохуш,
Дозалла деш, деха тхо
Ялсаманехь хьо гур волуш,
Хьаам хуьлу дегнашна.
Ахь тхоьга кховдийна суннат
Кхочушдийр ду даима!
Делера салам хуьлда хьуна
Делан элча Мухьаммад!

30.11.2016шо.