Палестинехь

Аза Атагинская
Гуьйрено шен дашо истангаш даржочу хенахь,
Мерзачу набарна х1усмашкахь нах туьйчу хенахь,
Иэт1айеш иттаннаш шерашкахь к1аргйелла чевнаш,
Хиллачул къаьхьаниг  боьдуш бу т1ом Палестинехь.

Къеначийн, къоначийн, зударийн синош ду догуш,
Хьийзабо,  х1ара дуьне т1арал а гатдина, пекъарш.
Херцаршна  бухарчу узаршка сема ладоьг1уш,
Куьйгашца уьш охкуш, беллачийн декъий ду лехьош.

К1елтаса латта бен, т1етаса мархаш бен йоцург,
Йохийна х1усамаш, г1айг1анаш, 1енна ц1ий доцург,
Б1аьрхиш  бен  йа даа, йа духа  х1ума ца дитна,
Х1аллакдо бераш а, цу къоман т1аьхье ца йита.

Тезеташ тахана цу махкахь  дахарал тоьлла,
Белларш д1абохка ца ларош, йа байначийн  чот йан.
Зуламан дай хьийза, х1аллакбеш мискачийн кхоллам.
Адамаш дуй-те  ца кхоьруш берш вайн динах г1акх дан?

Азман Джабраилова