И ду-кх х1ара дуьне

Арзу Банжаев
Х1окхуьнах 1ехавелла, х1окхуьнца велавелла, векхавелла, т1екареваьлла, валар дицдина, зовкхе ваххал х1ума дац х1ара дуьне!
Гурахь, малхана дуьхьалйог1у марха санна,  ц1еххьана йог1ий, дахарна дуьхьал д1ах1утту оьмаран чаккхе!

Цо зил тухий, хьо д1авуьгу , хьуна безаш, хьо везаш хиллачу нахаца хьо кхин цкъа а хуур воцуш шуьне... !
Хьо везаш, хьуна безаш хиллачийн дог а доьлху, б1аьрг а боьлху....дуьххьара моьттуш хуьлу цуьнан хир а йац чаккхе!

Доьду хи дукха гена а далале сов маса т1екхочу хьо вицлур вац моьттиначаьрна хьо вицвелла зама,
(Иза а тоьар ма дара кху дуьненан цхьа мах хеташ вехачунна кху дуьненан бакъ болу мах хаа 1ама...)...

...Иштта, цкъа а хила а ца хилча санна, хьо везначеран иэсехь хьан кьуда д1абов. Хьо вицло. Хьох латта а хуьлий, хьуна т1е бай болу..!
И ду-кха х1ара дуьне, зама т1екхаьчча, кхуьнах тасавала меттиг хир боцуш,
Вайл хьалхаранаш санна, вай а цкъа дахаран йисттехь кешнийн кийра чуэгар долуш..!