Гуьйрено йиш йоли

Петимат Давдаева
Гуьйрено йиш йоли, халхар к1еж туьйсуш,
Г1а доьжна мехашца,басе,хьуьн къовлуш,
Еъна схьакхечи хьо,х1ай дашу зама,
Паччахьах таръелла, хаз духар доьхна!

Мохо маркуьйлу хьан ц1аьстана месаш,
Шийлачу тхино шец йуьлу хьан беснеш,
Гуьйренан стоьмашца юьйцина к1ажарш,
Бес-бесар г1аш юкъахь 1уьллу, дог дуьзна.

Камаьрша куьйга хьан совг1аташ даржош,
Хьийза хьо хазаллийц, ойланаш яржош,
Кхуьйлинчу туьйранах тера ю гуьйре,
Тийжачу узамца кхочу и даге.

Не1аргахь лаьтташ ю рог1аллийн аьмгар,
Шийла хьоь хьоьжуш, шен бедарш а нисъеш,
Кочара шах дина туьтех каъетташ,
Лайх йина кетар шен дег1ах а хьерчош.

Хьо йоха ма йоха, т1е кхочур аьхке,
Цо дуьне дохдина, кхачор ю чеккхе,
Юха а хезар ю г1арг1улийн  илли,
Дашочу духарца кхочуш вайн гуьйре!

17.11.23шо