Ша тайпа леста цу кешни кертахь
Эсала, синтеме и сийна буц.
Веха цу кертахь массо а бертахь
Вокха а, жима а, ца къестош куц.
Хьайниг вуй, сайниг вуй оле ца хоьржу,
1ожална ца оьшу пурбанаш вай.
Уггара хьоменаг цига д1а воьрзуш
Дукхачу наха а баланаш лай.
Цхьанна ца хета цу кешни кертахь
Ша геч дар а доьхуш цхьаъ валхор ву,
Цу барзан а т1ера, дуьненна йистяхь
Г1ийла буц ийзош д1а лелар ду.