Хьуна хира ю со Малика

Малика Малика
Нийсо хилача- ца теша хьо сох.
Некъ сох хилача- ца гуш, д1а воьда хьо.
Аз со хилача- хезаш хира дац, аьлча ч1ог1а.
Малх хир бу, амма буьса ю, ца го хуьн со.

Мох со хилача- яхьар ю сейца туху йукъ.
Дог1а хилача- наьъ йела лур яц.
Илли хилача- докхар дац хьан са аса укъа.
Джейна хир ду- хьо декъал вал лур вац.

Пондара хилача- хуьна йира ца лакха ло соьга.
Чоь со хилача- адмий бералла чу дог1ара дац.
Дог1а хилача- Нанна-латта, хьо сох ца хьоьга.
1уьре ю- сарахь бен т1е йог1уш яц.

Х1орд со хилача- стиглана оьшаш хир дац.
Дахар хилача- со дуьненчохь дукха ца 1ийна.
Къайле хилача- хьуна дийца х1уламнаша сан хира дац.
Амма ца1 сан ду- хьуна хира ю со Малика.
                21.08.03