дуьне ду гоьнаш туьйсуш

Тунгусбек Вададаев
дуьне ду гоьнаш туьйсуш,
хийзаш ду, хийзаш...
гондахьа чан кхуьйссуш
адамаш ду кхийсалуш...

т1ема девлла, т1емш лестош,
маликш ду бохуш,
шен дахаран некъ хестош
ду уьш къахоьгуш...

сих ма лойш, сатуг1ийш,
со а ву шуьхь ваьлла...
стигалан басехь довг1а ц1ийш
сан мерахь даьлла...

дуьне ду гоьнаш туьйсуш,
хийзаш ду, хийзаш...
йоккху ас буьйсанаш,
ойлано хийзавеш...