Малхан а, Беттан а юккъехь...

Тунгусбек Вададаев
Малхано вага во со,
Юьхь1аьржа г1оттавеша,
Баттано 1ехаво со,
Буьйсанна к1айнвеша,

Цу шинна юккъехь со
Ойла еша лаьтта
Бахьана х1ун ду-те сан,
Дог оццул даттар?

Дуьненчохь къизалла ю,
Массанхьа яьржина,
Нехан синош хийздина,
Церан дегнаш 1аьржадина...

Г1айг1аяш 1аш ву со,
Синталламаш эдина,
Нийса леларн хьаьжна со,
Орамаш ца хеддина...

Дихна ас Делига,
Сан иман а ч1аг1адайта,
Айса дешчун дерригна,
Бакъ аг1о сайна гайта...

Таккха а, атта яц
Динан а йозалла,
Тоьарадуй хаа-хаац,
Суна сан доьналла...

2005