Вехар-те, хьо воцаш, Дуьненахь со?!

Адам Герман
Са Дада, Са Дада! Зама сих йоьду,
Де-дено вайшинан марзо яц еш.

Са Дада, Са Дада! Хийбараш юьхь хьа,
Замано худийна, жим вина хьо.

Са Дада, Са Дада! Сай дагчохь къуьйлаш,
Хьоь болу сай безам, ларбина Ас.

Са Дада, Са Дада! Хьоьца Са Орам!
Хьо воцаш байлахьа ма витлахь со!

Са Дада, Са Дада! Хьох йина Ойланаш,
Вехар-те, хьо воцаш, Дуьненахь со?!

Са Дада, Са Дада! Хьо маракъуьйлаш,
Мохь бетташ кхойкхар-те, сай Деле Со?!

Са Дада, Са Дада! Ас йина Ойланаш,
Са б1аьргахь ца хедаш, 1ийдалуш хиш!

Са Дада, Са Дада! Ас дагчохь къийларх,
Кийра бу даимна, Са буьзна белхарах!

Са Дада, Са Дада! Кийрахь мохьбетташ,
Хьоь кхойкхаш, Ас яьхна и 1аьржа Буьйсанаш!


 Са Дада, Са Дада! Хьох йина Ойланаш,
Вехар-те, хьо воцаш, Дуьненахь со?!


 Са Дада, Са Дада! Хьоьца Са Орам!
Хьо воцаш байлахьа ма витлахь со!