Дош а лелла даьлла хIинца хьан...

Адам Ахматукаев
Дош а лелла даьлла хIинца хьан,
Хьалха санна, дегI а дац каде хьан.
Когаш тIаьхьатекхош, меллаша
Хьо дIашерша, Iасанна тIетеIаш.

Хьоьца дуьне диъна нийсарой
ХIинца хьуна юххе хьийзаш бац-кха.
Уьш къизачу кхелой, кхолламой
Къастийна я баьхна хьуна нацкъар.

Кху дуьненах чекхваьллехь а хьо,
Дала бина бехаза къинхетам,
Хьан берел а тIаьхьа кхиъна чкъор
Хьан хенара дац хьан дагах кхета.

Хьуна генахула лела уьш,
Хьо тIевеъча, юху церан пхьоьха.
Амма дац и хьо дукха а луьйш-м, –
Къамел хаза лаар ду ахь лоьхург.

Амма яра зама а хьан кхин,
Синкъерамаш сахуьланга буьйлуш,
Ловзаршкахь а каде хьийзош дин,
Мехкарий а – хьо гIенаш чу вуьйлуш.

ВорхI юьртахь а хьаша вара хьо,
Къонахашлахь – тхьамдалла хаош а.
Хийла кIарглуш гена даьлла дов
Доьрзуш дара, юккъе деъча дош хьан…

Дерриге а тIаьхьадиси и,
Бисна боцуш цхьа а дагахьбаллам.
МостагI хилла дуьхьалдели кхин –
Шийла, къора, гIора доцу цхьалла.