И йолчохь аш хIунда дуьйцу...

Адам Ахматукаев
И йолчохь аш хIунда дуьйцу
Шайн бераш, цу берийн бераш?
Диц а лой, кач а лой, луцаш
Бахарех бо аш синкъерам.

Цо а са ма тийсинера
Шен берах марзонаш эца.
Дуьнен чу далале, Делан
Кхел хилла беран саэца…

Ойланаш хIиттаеш холчу,
ГIайгIа а ца юьтуш йицъян,
Аганах товжаза йолчу
Зудчунна аш хIунда ницкъ бо?