Цунна, шен гIенаш чу хуьйшуш...

Адам Ахматукаев
Цунна, шен гIенаш чу хуьйшуш,
Гинарг бен, ирс а ца гина.
Оцуьнца, ловзаршка хуьйшуш,
Кхиъначийн доьзалш а кхиъна.

Бабас ша Iехийна туьйра
Бакъ хилла даьлла ца долуш,
Ловш ю и шен шерийн гуьйре,
Пха санна, дагах чекхйохуш.